Лараме махкахой! Даггара декъалдо шу Нохчийн меттан денца! Шен ненан матте безам боцуш верг, цуьнца ховха юкъаметтиг йоцуш верг, иза Iалашбеш воцург шен Даймехкан бакъволу патриот хуьлийла дац. Дуьненахь уггаре а хьалдолуш а, хаза а бу нохчийн мотт. Оцу маттехь дерриге а ду – нохчийн башхалла, цуьнан истори, культура, ламасташ. Вайн мохк кхин а чIогIа беза вайна ницкъ ло цо. Вайн хьалхарчу Президента, Россин Турпалхочо даима а олура, шен ненан мотт безар а, цуьнан сий-ларам бар а, ша-шен ларар а, шен халкъ ларар а ду. Ненан мотт дIабаьлча, къам долчуьра дIадовлу вай. Тахана нохчийн мотт школашкахь а, вузашкахь а Iамош бу, оцу маттахь арадовлуш газеташ, журналаш ду, еш передачаш ю, дIахьош яккхий, сий-лараме мероприятеш ю. Вайн дозалла дан йиш ю мел хала киртиг тIехIоьттича а, мел самукъане мур беача а – массо а хенахь нохчийн маттана тешаме хилла дисина вай, цо вайна даима а гIо а дина. ХIокху дезачу дийнахь вай дIагойту нохчийн матте болу вайн безам, дагалоьцу вайн орамаш, баркаллаш боху нохчийн маттахь деша а, яздан а Iамийна болчу вайн хьехархошна. Вайн декхар ду ненан маттаца йовха, аьхна юкъаметтиг хилийтар, иза Iалашбар, марзбар, баржор, бовзийтар. Вайн культурин бух бу иза. Цундела вайна тIехь дерг доккха жоьпалла ду. Ненан матте безам доьзалехь кхолла безаш бу, тIаккха иза, дIабер бац. Ларбелаш нохчийн мотт! Декъалдо шу дезачу денца! Лаьа шу маьрша, ирсе, токхе дехийла. Дала аьтто бойла шун а, шун гергарчеран а! № 31 (2925) - Россия
- Северо-Западный
-
Центральный
- Белгородская область
- Брянская область
- Владимирская область
- Воронежская область
- Ивановская область
- Калужская область
- Костромская область
- Курская область
- Липецкая область
- Москва
- Московская область
- Орловская область
- Рязанская область
- Смоленская область
- Тамбовская область
- Тверская область
- Тульская область
- Ярославская область
- Южный
- Северо-Кавказский
- Приволжский
- Уральский
- Сибирский
- Дальневосточный
Выбрать субъект
Чеченская республика
- Все субъекты
- Белгородская область
- Брянская область
- Владимирская область
- Воронежская область
- Ивановская область
- Калужская область
- Костромская область
- Курская область
- Липецкая область
- Москва
- Московская область
- Орловская область
- Рязанская область
- Смоленская область
- Тамбовская область
- Тверская область
- Тульская область
- Ярославская область
Нохчийн Республикин Куьйгалхочун, Россин Турпалхочун Кадыров Рамзанан Нохчийн меттан денца доьзна декъалдар
Лараме махкахой! Даггара декъалдо шу Нохчийн меттан денца! Шен ненан матте безам боцуш верг, цуьнца ховха юкъаметтиг йоцуш верг, иза Iалашбеш воцург шен Даймехкан бакъволу патриот хуьлийла дац. Дуьненахь уггаре а хьалдолуш а, хаза а бу нохчийн мотт. Оцу маттехь дерриге а ду – нохчийн башхалла, цуьнан истори, культура, ламасташ. Вайн мохк кхин а чIогIа беза вайна ницкъ ло цо. Вайн хьалхарчу Президента, Россин Турпалхочо даима а олура, шен ненан мотт безар а, цуьнан сий-ларам бар а, ша-шен ларар а, шен халкъ ларар а ду. Ненан мотт дIабаьлча, къам долчуьра дIадовлу вай. Тахана нохчийн мотт школашкахь а, вузашкахь а Iамош бу, оцу маттахь арадовлуш газеташ, журналаш ду, еш передачаш ю, дIахьош яккхий, сий-лараме мероприятеш ю. Вайн дозалла дан йиш ю мел хала киртиг тIехIоьттича а, мел самукъане мур беача а – массо а хенахь нохчийн маттана тешаме хилла дисина вай, цо вайна даима а гIо а дина. ХIокху дезачу дийнахь вай дIагойту нохчийн матте болу вайн безам, дагалоьцу вайн орамаш, баркаллаш боху нохчийн маттахь деша а, яздан а Iамийна болчу вайн хьехархошна. Вайн декхар ду ненан маттаца йовха, аьхна юкъаметтиг хилийтар, иза Iалашбар, марзбар, баржор, бовзийтар. Вайн культурин бух бу иза. Цундела вайна тIехь дерг доккха жоьпалла ду. Ненан матте безам доьзалехь кхолла безаш бу, тIаккха иза, дIабер бац. Ларбелаш нохчийн мотт! Декъалдо шу дезачу денца! Лаьа шу маьрша, ирсе, токхе дехийла. Дала аьтто бойла шун а, шун гергарчеран а! № 31 (2925) Главное в регионе
13:19, 14 марта 2026
В Чеченской Республике росгвардейцы поздравили матерей и вдов погибших сослуживцев с 8 марта
11:42, 25 февраля 2026
Ученики из Каргалинской школы познакомились с правилами безопасности на вокзале Грозного
12:12, 19 февраля 2026
Офицеры Росгвардии приняли участие в заседании межведомственной комиссии в Грозном 
